ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн политика лара резахилла Трамп


Тайване шен йолу позици а хуьйцуш, Пекино дIахьон «цхьана Китайн» политика лара резахилла Iамеркан президент Трамп Доналд. Дахначу шеран тIаьххьарчу баттахь, харжамашкахь толам баьккхина, официалехь дарже верзаза волчу Трампа телефон тоьхнера Тайванан куьйгалхочуьнга Инвэнь Цайга.

Малхбузерчу къайлахчу сервисаша бахарехь, Вашингтонан ойла яц «цхьана Китайн» политикан агIо лаца аьллера хIетахь Трампа.

КIайчу ЦIийнан хаамашца, Трампа а, Китайн куьйгалхочо Цзиньпин Сис а еарийн сарахь телефонехула дехха къамелаш дина. Цзиньпинан дехарца, Iамеркан президент Трамп Доналд резахилла «цхьана Китайн политика лара». Reuters агенталло бина и хаам.

Шина лидерна юккъехь хиллачу къамелах шена хетарг ца хаийтина Тайвано. «Iамеркаца а, Китайца а юкъаметтигаш латтор шайн пачхьалкхна пайде ду» аьлла Тайванан куьйгалхочун Инвэнь Цайн векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG