ТIекхочийла долу линкаш

Берлинерчу цхьаьна бусалба хьехархочо кхелехула шен бакъонаш а къевсина, йовлакх бахьана долуш ша балха дIа ца эцначу дешаран хьукматера масех эзар евро компенсаци яьккхина.

8600 евро – оццул ахча лур ду Берлинерчу цхьана къоначу зудчунна цу гIалин дешаран а, ишколийн хьукмато, и зуда коьртахь хиджаб лелорна хьехархочуьнан балха дIа ца эцар бахьана долуш.

И сацам Берлинан, Бранденбурган а белхан кхело еари дийнахь тIеэцна, латкъам бинчу зудчунна толам а луш.

Латкъаман чулацам иштта бара – ши шо хьалха немцойн коьртачу шахьарахь ишколан хьархарчу классийн хьехархо санна болх бан лууш хилла и зуда дIа ца эцнера ишколан куьйгалло, цо коьртахь хIума лелош хилар бахьана долуш.

Берлинерчу нейтралитет ларйаран низамца хьехархойн бакъо яц пачхьалкхан дешаран тушпхьанашкахь, шайн дин муьлхарниг ду гойту символан лелон.

Амма и туркойн къомах йолу, амма Германехь йина а, кхиина а йолу къона хьехархо кхеле яьллера, цу низамо шен шена лууш йолу професси харжа а, шен дин лелон а йолу бакъонаш хьоьшуш ю, аьлла.

„Йовлакхо хьоьшуш яц сан бакъонаш, мелхо а, суна айса Iамийна болу болх бан бакъо Iедало ца яларо сан корматалла хьоьшу“, - аьлла яздинера цо шен латкъамехь.

Даханчу шеран охан баттахь дуьххьара кхеле яьллера и зуда, шена хиллачу морала зенна компенсаци яла еза аьлла, амма хьалхарчу инстанцин кхело цуьнан латкъамна дацаре жоп делира, къона хьехархо балха дIа ца эцар ишколан куьйгаллин бехк бац, Берлинехь лелачу низамца догIуш ду, аьлла.

Цул совнаха, хIетахь шен сацамна бух балош кхелахочо элира, юккъера хьалхарчу классашна хьеха балха ца яхча а, нейтралитетах долчу низамо бусалба хьехархошна бакъо ло, кхечу ишколашкахь хьеха – масала, кегирхошна а, кхиазхошна а профессеш Iамочу ишколийн тайпанашкахь.

Цу сацамах тоам ца беш бусалба зуда – ала дашна, шен цIе а, сибат а цо хаамийн гIирсашкахь йовзуьйтуш яц, - лакхарохчу белхан кхеле елира. Ткъа цо еари дийнахь къоначу хьехархочуьн бакъхилар тIечIагIдеш сацам тIеэцна, цу цхьаннах хьакхабелла ца Iаш, педагогийн дешар дешначу бIеннаш кхечу къоначу бусалба зударех хьакхабала там болу.

Берлинерчу лакхарчу белхан кхелехь кхелахо йолчу Шауде Ренатес шен сацам кхетош аьллера, цу зудчунна дискриминаци йина, цуьнан бакъонашна эшам а беш, цундела цунна ахчанца компенсаци ялар тIедужу немцойн дешаран хьукматна, аьлла.

Цуьнгара болуш я ишколана а, я дешархошна а цхьа а кхерам бац, цундела цуьнан бакъонаш хьашар магийта йиш йолуш дац, аьлла тIе а тухуш.

Бакъду, цуьнца цхьаьна, Берлинера нейтралитетах долу низам немцойн конституцица цхьаьнадогIуш хилар а тIечIагIдира кхелахочо, цу низамна тIе а товжуш дешаран хьукматхоша бусалба хьехархочуьн бакъо йохийнехь а.

Ала догIу, хIинца Берлинерчу кхело бусалба зудчунна коьртахь йовлакх долуш болх бан бакъо хилар тIечIагIдарх, хетарехь, прецедент хир ю, ткъа Германехь бусалба дин лелочийн духарех йолу дискуссеш керлачу ницкъаца юкъаралле евр ю.

ХьастагIа луларчу Австрехь низамца дихкина зударшна юхь къовлу никъабаш лелор, ткъа иштта юстицин системехь хиджабаш лелор а. Даханчу шарахь дуьйна юкъ-кара Германехь а дара никъабаш ехкар а, цхьаццаболчу белхашкахь хиджабаш ехкар а дийцаре деш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG