ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуден Iамерке дIавала а тарло Кремло


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна Сноуден Эдвард дIавала тарло Кремло. Iамеркан къайлахчу сервисийн ду и жамIаш, аьлла хаамбина NBC телеканале цIе ца яьккхинчу оцу сервисан шина белхахочо. Цара бахарехь, Оьрсийчоь дийцаредеш ю Сноуден Iамеркана дIавала, президента Трампа шайгахьа йинчу тергонна дуьхьал. Сноуденан адвокато-Iамеркахочо, шайна хууш хIуммаъ а дац цуьнах лаьцна аьлла.

Ша Сноудена "Твиттерехь" яздина, оцу хаамо тоьшалла до, ша оьрсийн къайлахчу сервисашца юкъаметтигаш латтош цахиларан аьлла. Iамеркан къоман кхерамзаллан агенталлехь болх бечу Сноуден Эдварда 2013-чу шарахь журналисташна бIеннаш-эзарнашкахь къайлене информаци дIаелира. Цул тIаьхьа Гонконге ведира иза, тIаккха Москох кхечира. Оьрсийчоьно ханна тховкIело а елира цунна. Москох дуьхьал хилира Сноуден Iамерке юхавала, цигарчу низамашца 30 шо хан йогIура Сноуденна.

Масийттазза шен пачхьалкхе дIаваха лаар къадийра Сноудена, нагахь санна шена дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдийр дацахь.

Президентан харажамашна кечамбечу хенахь Трамп Доналда ямартхо ву элира Сноуден, цунна таIзар дан догIуш хилар а билгалдоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG