ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажиршна дуьхьал керла низам кечдина Трампа


Бусулба 7 пачхьалкхан бахархошна Iамерке доза доьхкуш керла низам тIеэца лерина ву ша кху деношкахь аьлла, хаамбина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Лаккхарчу кхелехь Апелляцин суьдо шен кхул хьалха арахецна буьйр доьхкуш бина сацам къийса сихлур вац ша аьлла Трампа.

Флориде доьдучу президентан кеманахь журналисташца къамел дина Трампа. Цкъачунна хууш дац, хьалхарчу низамца дуьстича, хIун башхаллаш ю керлачун.

Кху кIиран юьххьехь Сан-Францискерчу Апелляцин кхело тIе ца дитина Трампан 7 пачхьалкхерчу мухIажиршна дуьхьал даьккхина низам. Би-би-си-но бина и хаамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG