ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доллу дуьненах а Fake хилла


Фейк ньюс, аьлча а, харц керланаш тайп-тайпанчу ницкъаша даржор вайн заманан яккхийчех проблема хилла дIахIоьттина.

Шуна гиний, КъурIан дагийначу цхьаьна зудберана хилларг? Цунах Дала мукадахка а беш, цунна муха бекхам бина гиний шуна?

Аьлча, КъурIан дага ца динера цо, датIийнера, я даго гIоьртинера, я датIор ду ша аьллера. Бен а дацара иза-м. Коьртаниг – цу зудчунах мукадахка хилар ду.

Ткъа цуьнан, цу мукадахкан амате йирзинчу мискан суьрташ а, иза тIехь йолуш, деталашкахь цу имансизера даьлла къа а, цу къинна цу бина бекхам а буьйцуш йолу видеош нохчийн телефонашкахула а, социалан машанашкахула дIасалелаш ду масех шо а.

ХIетахь, оцу зудчуьн-мукадехкан чамбоцу сибат нохчаша вовшашка дIасатийса долочу хенахь дуьненчохь хIинца а кхолладаланза яра фейк-ньюс олу дош, я алтернативе факташ бохург а цкъа а цхьанна а хезна дацара.

Хетарехь, амма, и вайнахалахь сел яьржина хилла йолу сюжет тахана дуьнено сел шуьйра дийцаре даьккхинчу фейк-ньюс шех олучу феноменан прототип хиллачух тера ду. Фейк-ньюсийн хилла а ца Iаш, алтернативечу фактийн а.

ХIунда аьлча, и суьрташ тахана а даржош болчу нахе цхьаммо, мелла а еша а, яздан, дешначунна хьесап дан а хууш волчо, хIей, хьовсийша, иза бакъ дац, ца хилла цу зудчух мукадахка, иза деккъа исбаьхьалхочо диллина сурт ду ца олу.

Австралерчу суьрташдахкархочуьн Пиччинини Патрицияс йинчу инсталляци юккъера цхьа сибат ду и цу суьрта тIехь гойтуш йолу чамбоцу хIума аьлча, хийламмо жоп ло, ой, дера ду-кх иза -м бакъ, кхуза интернет чохь дуьйцуш ма ду иза.

Ахь хьадийцарехь Дела цу зудчунна иштта бекхам бан йиш йоцуш-м вац кхин, иштта-м дера хир ду массо а Делан мостагIашна, олий. И тайпа кхетам болчу нахана дерг ца го, шайна ган луург го, аьлча а, уьш фактех ца теша, Iамеркан керлачу президентан Трамп Доналдан хьехамчех цхьаммо хьастагIа хьахийначу алтернативечу фактах теша.

Вайнаха санна кхечара а дуьйци-те и пайда мел боцу хIумнаш, царех цхьа къамел а, цхьа керланаш а дой бохуш хоьтту 26 шо долчу Мовсарова Залинас.

Боккъал а холчу хIоттайо ша телефонехула цхьацца бевза-безачара схьатуьйсучу цу кепарчу хаамаша а, видеогайтамаша а.

Мовсарова:Цкъа схьатосу, ишколашна уллохь берашна духкуш сегIазаш ду шуна, шайх наркотикаш тоьхна а долуш, бохуш болу хаам. ТIаккха тоссу, хIей нах, парацетамол ма маллаш, иза дIаьвше ю шуна бохуш, кхерамаш туьйсу хаам.

Суна-м ца хаьа, наггахь хетало, цхьа стаг волуш санна цу нахе иштта и хIума леладойтуш: хIахI, тахана ахь хIара дIатасса, кхана ахь важа дIатасса, бохуш. Иштта видеош а хуьлу, масала, наний, йоIий хилла Iаш бохуш дуьйцуш.

ЙоI телевизионе хьожуш хилла, ткъа нана КъурIан доьшуш. Нанас ша дешна яллалца телевизион лаха е аьлча, йоIа, дог даьтIна, цуьнгар КъурIан дIакхоьсна. ТIаккха Дала цу йоIах цхьа дийнат дина. И пал дIасакхоьхьуйтучу нахана, хетарехь, Делан къайленаш а, Дала вайна хIора дийнахь гойтуш долу шен хьаьркаш а ца тоьуш долчух тера ду-кх“.

Вайнаха санна кхечара а дуьйци-те и тайпа хIумнаш бохуш Мовсарова Залинас дечу хаттарна жоп, шеко йоцуш, хIаъ, дуьйцу, аьлла ду.

Кхечу къаьмнехчу наха а леладо и саннарг, дуьненчохь „фейк ньюс“ а, „алтернативан факташ“ а боху терминаш кхоллаяларо ма-гайтара. Бакъду, социалан тIегIанна тIехь лахахь бисначу а, дешарца совбевлла боцучу а нехан амалш ларало кхиинчу юкъараллашкахь и тайпа хIумнаш дийцар а, даржор а, царех тешар а.

Масала, жимма лакхарчу тIегIанна тIехь кхетам болу нах тешар буй хьастагIа оьрсийн юзерша социалан машанашкахь даржийначу ша-башхачу керлачух?

Цара дийцарехь, Саратоверчу цхьана 14 шо долчу дешархочо къаьркъа а мелла, урамехь чай а, даарш а духкуш йолу фургон а ядийна, цул тIаьхьа цу чохь мел йолу юу хIума арахь бехачу тIехь тхов боцучу мискачу нахана дIайекънера.

Ткъа цул тIаьхьа, иза лаца полисхой баьхкича, оцу тIехь тховбоцучу наха и йоI Iедалхошка дIа ца югуьйтуш, ларйинера.

XS
SM
MD
LG