ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь кикбоксинган чемпионатна кечамаш беш бу


Соьлж-ГIалахь шен исторехь дуьххьара кикбоксинган чемпионат дIахьура ю. Оьрсийчуьрчу тоьллачу спортхоша дакъалоцур ду оцу латаршкахь. ЧГТРК «Грозный» канало бечу хаамца, карабогIу бутт бовш «Колизей» Спорт-холлехь турнир дIаяхьа кечамаш бу беш. Кадыров Ахьмад дагалоцуш, цунна лерина ду латарш.

Карладоккху, дахначу шеран аьхка Соьлж-ГIалахь вовшахтоьхна хилла турнир Оьрсийчуьрчу кикбоксинган Федерацино пачхьалкхехь уггар тоьлла турнир аьлла дIакхайкхийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG