ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

“Ахмат” клубах дIакхетта Емельяненко Александр.


Нохчийчоь--MMA-хула берийн латтарш
Нохчийчоь--MMA-хула берийн латтарш

Кадыров Рамзан долахь йолчу “Ахмат” клубца контракт йина Емельяненко Александрс. WFCA лиго контракт йина тахана “Ахмат” клубаца аьлла хаам дIабовзийтина “Ахмат” клубан Instagram агIоно. ММА-ехь гоьваьллачу латархочуьнан Емельяненко Фёдоран ваша ву Александр.

Ала догIу, масех бутт хьалха Соьлжа-ГIалахь ММА латарехула дIаяьхьанчу къийсамашкахь бераш дакъалаьцна хиларан бахьанехь критик йинера цу турнирана Фёдорс. Цул тIаьхьа, Фёдор сийсазвеш комменташ йинера “Ахмат” клуберчу нохчийн спортсменаша.

2015-чу шеран стигалкъекъа-баттахь йоI хьийзина аьлла бехкевина 4,5 хан тоьхнера Александрана набахтехь яккха. Даханчу шеран лахьанан баттахь хенал хьалха набахтера аравалийтина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG