ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германис керла президент хаьржина


Германи -- Германин керла ваьккхина президент Франк-Валтер Штайнмаер Берлинехь, Чиллан-беттан 12-гIа де, 2017-гIа шо
Германи -- Германин керла ваьккхина президент Франк-Валтер Штайнмаер Берлинехь, Чиллан-беттан 12-гIа де, 2017-гIа шо

КIирандийнахь керла президент хаьржина Германехь. Бакъду, кхечу пачхьалкхашкахь санна халкъо харжамашкахь билгал доккхуш дац немцойн махкахь президент мила хир ву. Иза Федералан гуламо хоржуш ву, нагахь санна масех кандидат велахь. Нагахь санна кандидат хIинца кху тIаьхьарчу харжамехь санна цхьаъ бен вацахь, тIаккха цу Гуламо цуьнан кандидатура тIечIагIйо. Цу кепара, Германин керла президент Штайнмайер Франк-Вальтер хир вуйла хIинцачул масех кIира хьалха дуьйна кхеташ дара, ткъа иза харжарх цхьа а интрига а хилира, масех бутт хьалха, масала, луларчу Австрехь санна.

Интрига Штайнмайерца доьзна кхечу хIуманца ю. Муха хийцалур ю Германин чоьхара а, арахьара а политика, иза президент хIоьттича дуьйна схьа? Оьрсийчоьнца дукха хенахь дуьйна йовха юкъаметтигаш йолуш волу Штайнмайер хIинца президент хIоттаро хIун тIеIаткъам бийр бу оьрсийн -немцойн юкъаметтигашна? Кремлан хаза кхаъ буй Штайнмайер Германин президент харжар, хьастагIа Трамп Доналд Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент харжар санна?

И хаьттарш кхолладала бахьанаш ду, уггаре а хьалха Штайнмайер Франк-Вальтер мацах Шредер Герхард немцойн канцлер волучу хенахь цуьнан администрацин куьйгалхо лаьттина а волуш, Шредеран уггаре а гергарчу гонера доттагI хиларна. Цул совнаха, хIинцалца схьа тIаьхьарчу масех шарахь Германин арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттина волу Штайнмайер юх-юха а Оьрсийчоьнна изоляци ян а мегар дац, Путин Владимирца дагадовларш сацон а мегар дац, Оьрсийчоь Германин мехала партнер а ю бохуш билгалдахарца гIарваьлла ву. Амма бакъду, и бахьана долуш хIинца, Штайнмайер Германин президент хIоьттинера аьлла, Кремле болу хьежамаш Берлинехь хийцалур бу бохучуьнга сатийсар эрна хета политологна Чапхановна.

XS
SM
MD
LG