ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу вогIуш ву Псковера губернатор десантникийн сийнна


Оьрсийчоь -- Десантникийн буьйранча Шаманов Владимир
Оьрсийчоь -- Десантникийн буьйранча Шаманов Владимир

ТIебогIучу баттахь 2-чу дийнахь 6-чу ротана жIара хIоттор бу Нохчийчохь.ШолгIачу дийнахь Псковера официале делегаци йогIур ю Нохчийчу, коьртехь губернатор Турчак Андрей а волуш. Цуьнца цхьаьна хир бу байинчу десантникийн гергаранаш а. Цара дакъалоцур ду официале кепара жIара хIотточу даздаршкахь.

Ала догIу, 2000-чу шеран зазадоккхучу-беттан 1-чу дийнахь 100 герга Псковера десантник вийра Улус-Кертан уллохь Соьлжа-ГIалара арабевллачу нохчийн тIемалоша кхиаме дIаяьхьанчу операцехь. Тахана и десантникаш турпалхой лору Оьрсийчоьнан Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG