ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу омбудсмено орца дехна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Лаккхарчу комиссаре


Бирма
Бирма

Нохчийчоьнан омбудсменс Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Лаккхарчу комиссаре Зейд Раад ал Хьусейне дехар дина Мьянма пачхьалкхехь беха бусалба Рохинджа къоман бакъонашна тIехIотта аьлла. Рохинджа Бирмехь дехачу 134 къомах цхьа къам ду. 60 миллион герга адам дехачу пачхьалкхехь 1 миллион, 1,5 миллион рохинджа ву. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, рохинджа къам уггаре а дуьненахь хьийзо къам ду.

2017-чу шеран баттахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло кечйинчу рапорто билгалдаьккхира цу пачхьалкхан Ракхайн цIе йолчу штатехь рохинджа нах уггар чIогIа хьийзош хилар, царна дуьхьал зуламаш а, къизаллаш а лелош хилар. Ала догIу, цу вовшахтохараллин Лаккхарчу Комиссаро дийцарехь цу штатехь рохинджа нах а байина, зударий а хьийзабеш, уьш шайн берашна хьалха байина. Уггар доьхнарг и кепара зуламаш динарш могIара нах хилла ца Iаш, полисхой а бу. Комиссаро чIагIдарца, и тайпа къизаллаш адамаллина дуьхьал зуламаш ду.

Нохчийчуьрчу омбудсмено дог доху рохинджа къоман дахар Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло аттачу даккхарна барамаш тIеоьцург хиларе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG