ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кредиташа садукъуш ду нехан


Exchange rate in NBC bank, Azerbaijan (dollar, manat). 09feb2016
Exchange rate in NBC bank, Azerbaijan (dollar, manat). 09feb2016

«Дан хIума цахиларна. Амал дацарна. Ваха а вола а меттиг боцуш, таро йохарна». Дукха хьолахь ишта жоьпаш хазадо бахархоша Iедалера юхалург, кредит олу ахча стенна эцна аьлча. Ма-дарра аьлча махкахь банкера ахча эцанза стаг каро хала ду. нах Iедална декхаре эхаран бахьнаш а ду чот йоцуш дукха: доьзалхо деша дIахIотто, кIантана зуда яло я маре йоьдучу йоIана тIе-кога эца; болх-некъ боцуш, ши куьг хаьдча санна Iаш волу доьзалхо Европе дIавахийта, цIеношна бух ботта, цомгашчунна дарба каро…ишта кх. дIа а. Нохчийчохь Iаламат дукха декхархойн хиларан тоьшалла лара догIу, схьахетарехь, мехкан суьдан пурстоьпийн урхалло Iорадаьхна терахьаш а. Iедална бан беза токхамаш бахьнехь, пачхьалкхан низамаца и догIуш дацахь а, итт эзар сов нохчочуннна дихкина ду Оьрсийчуьра аравала, мел цаторш гIуллакх цуьнан делахь а. Бакъо йолуш а, йоцуш , и зил-дозанаш деттар бахьнехь дукха масалш ду бахархошна даккхий зенаш хилла а.

Бахархоша шаьш дечу мукIарлонца дахаран халонаш эшо, хьашт-дезарш листа аьтто боцуш, оьшург бен хIума доцу дела боьдуш бу бахархой таттабелла декхаре. Ишта ца ваьлла Iедална декхаре а вахана токхам бечех цхьаъ ву Шелан кIоштера Ахьмад а. Дукхахболчу декхархойн гIайгIа яра цо ялхориг а.

Ахьмад: « Дан хIума дацарна оьцу-кх наха банкера ахча. Вон –дика листа оьцу. Вала а волуш стага оьцур дац оццул яккхий проценташ а йолуш кредит. Уггар хьалха Iедална пайдехьа ма ду ахчанаш далар. Нехан дуьхьа аьлла Iедало деш ма даций иза. Яккхий, тIех лакхара проценташ лелор бахьнехь, банкашна пайда ма хуьлу. Кху чохь лелориг дуй, ваха-ван, масала, бехкамаш кхийдор кхечу кIошташка дан а дац…»

Дан дезарг бен хIума доцуш, эшамехь дIадоьдучу дахаро, ца лааахь а лууш санна тIетеIаво хьо банкина декхаре ваха боху СоьлжагIалин кIоштерчу вахархочо Мусаев Iаднана.

Iаднан: « Даьхний а эцна, уьш кхаба а кхобуш, хене вала атта хир дацара те аьлла эцна-кх ас банкера ахча. Амал дацарна оьцу-кх наха ахча. Ас-м эцна иза цундела. Ишта ахчанаш эцнарш дукха бу бохург дан а дац. Хьо банке вахча гуш долу сурт муха ду. Бутт юьххье болу цу чуьра ахча охьадуьллуш болчу нехан очарт дIа ца йолуш.»

Декхар хьокъехь къамел деш волчу Iаднана дийцарехь банкашкахь болчу хьаькамаша субсиди олу тIедала деза ахча шен хенна дIа ца луш харцонаш а лелайо. Цо дийцарехь и тIелуш долу ахча бахьнехь Iедалан декхар мелла а дайло-кх аьлла кредиташ эцнарш а бу шортта.

Iаднан: « ГIалахь, ярташкахь санна лакхара яц проценташ. Тхан кIоштахь масала, лакхара ю процент, субсиди олу тIелуш долу ахча бахьнехь. Амма тахана дукха нах бу и ахча ца луш, ладоьгIуш Iаш. ХIинцца со ахча охьадилла вахча банкехь цхьа стаг ву со санна ахча дIадала веъна. Биъ бутт бен ца бисна боху цо ша токхам бина вала. Субсиди делла дац шена боху цхьа шай а. Хьажал цара лелориг…»

Къоьлла «къикъ» бохуш дIадоьдучу дахаро йиш йохийча бен ца оьцу наха Iедалера юхалург ахча аьлла теш йолчех цхьаъ гIалара Рукъидат а.

Рукъидат: « Амал дацарна оьцу наха ахча. ДIа ког баькх-баьккхинчохь ахча деза. ХIумма баккхийбеш-м ца оьцу наха и кредит. Суна хууш цомгашчу берана дарба лаха кIант я йоI Европе дIадахийта ахча эцнарш а бу, цIера йолучу йоIана дан хIума цахиларна эцнарш а бу…»

Хаттаре ваьллачех дукхахболчара билгалдоккхург дара декхархойн могIарш дукълахь бен лилха девр дац махкахь тахана санна болх-некъ боцурш хIора шарахь дебаш мел бу.

XS
SM
MD
LG