ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ‘киллер’ дIавоьху Францино


Франци
Франци

Францин Iедало Туркойн Iедале 2016-чу шеран Оханан-баттахь схьалаьцна хилла Лурахмаев Валид (Валидол) шайн пачхьалкхе схьало, аьлла дехар дина. Валид Францехь бехкево оьрсийн бизнесмен Ланин Михаил вен омра дина хиларна. Ланин верна шеконехь болу полицин Iуналлехь бу тахана Нохчийчуьра бахархой Берсанов Руслан а, Арсалиев Язид а.

Ала догIу, Лурахмаев Туьркойчоьно а бехке во нохчийн тIемало Эдилгериев АбдулвахIид верна. Иза Европехь лехамашкахь ву масех стаг вен аьлла омра дина хиларна. Лоцучу хенахь Лурахмаевигахь Смирновн цIарах паспорт дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG