Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Тиллерсон Рексо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергее Украинан хьокъехь шайна тIеэцна декхарш кхочушде элира. Чиллан-беттан 16-чу дийнахь Боннехь дийцарш дирзинчул тIаьхьа, Тиллерсоно дIахьедира Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнца болхбан кийча ю “тхуна Цхьаьнатоьхначу Штаташна пайде хин йолу эвсаре цхьаьнаболхбаран меттигаш караяхь”, аьлла дIахьедира.
Украинехь оьрсийшка тIеэцнарг кхочушде боху Тиллерсон Рексо.
