ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршонан майданахь адамаш дайина кхо шо кхачарна хьажийна акци хилла Киевехь


Украина - Киевехь дуьхьалонан акцин декъашхой дIалоьцуш бу полисхой а, Къоман гвардин эскархой а,Чилл. 19, 2017

Киевехь Маршонан майданахь дуьхьалонан манифистацийн декъашхой байина 3 шо кхачарна хьажийна акци дIаяьхьна Украинан националистийн агIончаш. КIирандийнахь масийтта бIаь стаг араваьллера цигахь Iедалшка Донбассерчу сепаратисташа Iуналла дечу территорешца йохка-эцар лелор сацор доьхуш.

Тасадаларш хилла полисхойн а, демонстрантийн а Институтан урамехь. Пхи стаг дIалаьцна. Царна юкъахь ву Украинан националистийн организацин куьйгалхо Коханивский Николай.

Киеве тIеозийна ду полицин а, Къоман гвардин а керла дакъош. Iедалша чIагIдарехь, гIалин юккъехь хIоьттина хьал лортIе далийна ницкъаллин структураша.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG