ТIекхочийла долу линкаш

Полицино дIахецна Киевехь хиллачу тасадаларехь лецнарш


Украина -- Киевехь демонстрант лоцуш бу полисхой, Чилл. 19, 2017.

Киевехь кIирандийнахь полицица тасадаларш хилча лецна 5 стаг дIахецна. Цунах лаьцна хаам бина Оршот дийнахь шен Facebook агIон тIехь халкъан депутато Мосейчук Игора.

Цо дийцарехь, Iедалша аравалийтина иштта Украинан националистийн оргнизацин куьйгалхо Коханивский Николай а.

Киевехь хиллачу къепедацаршкахь лазийна ву иттех стаг. Царна юкъахь ву Лаккхарчу Радан депутат Соболев Егор. Цул сов лазийна ву цхьа полисхо а.

XS
SM
MD
LG