ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДНР-н а,  ЛНР-н а паспорташца нах чубуьтур бац Белорусино


Украина - ДНР олучу тобано делла паспорташ. 16.03.2016

Украинера малхбалехь территореш дIалаьцначу "ДНР" а, "ЛНР" а олучу сепаратистийн тобанаша деллачу паспорташца нах чубуьтур бац Белорусино. Цунах лаьцна Оршот дийнахь дIахьедар дина Пачхьалкхан дозанан комитетан векло Бычковский Антона.

Бычковскийс дийцарехь, Белорусин доза хадо бакъо хир ю бакъонца кехаташ долчу нехан. Цо билгалдаккхарехь, "ДНР" а, "ЛНР" а паспорташца Белорусе кхача гIоьртина нах жоьпе озор бу низам дохорна.

Чиллан-беттан 18-чу дийнахь Оьрсийчоьно «ДНР» а, «ЛНР» а олучу тобанийн паспорташ къобул дарх лаьцна указ арахецна президенто Путин Владимира. И сацам емал бина Германин а, Францин а, арахьарчу гIуллакхийн министраллаша а, ОБСЕ-но а, Iамеркин Киевехь йолчу векалалло а, цо дуьненаюкъара низамаш дохадо аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG