ТIекхочийла долу линкаш

Лавров: Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тIелатар дар толлуш ду


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тIелатар дар толлуш дуй аьлла, шега хаттар делча Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс жоп делла иза таллар сацийна дац аьлла. Лавров Сергейн а, Швецин арахьарчу гIуллакхийн министран Валстрем Маргон а зорбанан конференцехь хилла иза. Иза гойтуш яра Periscope-хь.

Хаттар делларг яра «Швецин радион» Оьрсийчохь йолу корреспондент Перссон-Лефгрен Мария. Иза яра Каляпин Игора куьйгалла дечу «Iазап лелорна дуьхьал комитетаца» цхьаьна Нохчийчу йоьдучу тобанна юкъахь. Цу тобанна тIелатар динера муьлуш бу ца хуучу наха.

Журналисто хаьттира, таллам сацабар талламхойн говзалла лахара хилар ду, я уьш кхерар ду аьлла?

XS
SM
MD
LG