ТIекхочийла долу линкаш

Эльдерханова Зайнап. Швейцарех дагалецамаш. (3 дакъа)

Цхьа эзар шо хьалха, Швейцари къен йолчу хенахь, цигахь кечбеш хилла кхача бу хIара. ХIетахь дуьйна схьа къоман кхача лоруш бу. Ткъа цунна оьшу гIирс а, барам а иштта хир бу: тIера чкъор доккхуш, цIанйина гIабакх (5-6 дакъа), картолаш (3-4), жIонкаш (2-3), хох (3-4 корта), саьрмасекх (3-4 цIерг), цIен бурч, туьхьа, тIо.

Лакхахь багарбина хасстоьмаш, кхоккха дакъа деш, яй чу нисбо, тIе 2,5 литр хи дуттий. Уьш кхоччуш кхихкина евлча, мелла йовха йолуш, миксерца оццу шаьш йолчу яйчохь хьовзаеш оту, кочачу чорпане ерззалц. Юха шена товчу чомехь тIе туьхьа а, цIен бурч а тухий, тIе тIо буьллу. КIайчу я Iаьржачу баьпгаца хьалха хIоттабо и кхача. Иштта, вайн къоман юург йовза лиира царна.

Сайн рогIехь, Цюрих университетехь, студенташца (зудаберийн шайн лерина юкъараIойла яра) вайн жижиг-галнаш дира ас. Стоьлан йисте кхайкхира сайн керла накъостий.

Швейцаркас вайн къоман кхача чIогIа тера бу элира шайн ломахь бехачу нехан кхачанах, ткъа Венгрера студенткас – шайн юьстахчу ярташкахь йиъна ша хIара тайпа юург. Оха сацам бира: дерриг а халкъаш, церан кхачанаш цхьана стоьла тIера, дуьне ма-дду дIасадаьржина хиларх, аьлча а, Адам-Хьаван хIусамера…ткъа иза шиъ тхан массеран а гергара ши стаг хилар а.

Яхь бохург хIора меттехь шен-шен кхетам болуш хIума хила-кх. Масала, вайн Iедал ду-кх, мел таро елахь-яцахь, нахана юкъа довлуш тIехь тоьлла бедар лелор. Парижан массо а бахархошна йовзале Соьлжа-ГIалара кегийрхоша схьаоьцу цара юкъаяьккхина мода. Соьга кхечу кепара ойла яйтира менталитетах лаьцна Катрина Майерс дийцинчу цхьана хIумано.

ХVIII-чу бIешерашкахь Цюрихехь ваьхна цхьа чIогIа оьзда, хьал долу жима стаг. Нахаца комаьрша а хилла иза. Шен тIеюхучу бедарийн нуьйдарчий дашо хилла цуьнан. Делахь а, ша гIали юкъа волуш шена тIе беркъа гIовтал кхуллуш хилла цо, адамашна шаьш гIийла ца хетийта шена уллохь. Цо иштта ларъеш хилла шен яхь...

Цюрих гIалара Берне кхаччалц цIерпошта тIехь нийсса I сахьт некъ бу. Берн церан паччахье ю. И гIала къаьсттина шен сибаташ, башхаллаш йолуш шира гIала ю. Швейцарина юккъехь 1191-чу шарахь йина ю Берн. Таханлерчу дийнахь цуьнна чохь вехаш 133000 стаг ву. Швейцарин уггар а коьрта, мехала гIишлош ю кхузахь. Царех коьртаниг лоруш ю шена тIехь сахьт долу бIов. Иза ХII-чу бIешерашкахь йина ю.

Хьалха заманчохь иза коьртачу гIалин гIап санна хилла ю (3 м. шуьйра пенаш ду цуьнан), ткъа хIинца куьцан Iалашъеш ю иза швейцарцаша. Оцу сохьто нийса хан гайтарал а совнаха, де а, бутт а, зодиакана хьаьркаш а, беттан цIино а гойту. ХIора сахьт моссаза дели, нIаьна кхойкху, тайп-тайпаначу акхаройн гуо хьийза оцу сохьтана гонаха.

Берн гIалин диканиг хIун ду аьлча, мел догIа дарах, цигахь вашор вац. Урамаш чIогIа гаттий ду цуьнан. Хьалха заманахь, пайтонаш дIасахьовзол бен, кхин шуьйра ца дина урамаш. Ураман шина агIонца динчу цIенойн лабанаш тIеттIа кхачарна догIа тIе ца Iенаш вуьсу.

Цхьа дехачу рагIу кIелахь санна самукъане хуьлу Бернехь некъ беш. Кхечу гIаланашкара наха Бернерчу бахархошна, забарца Iуттуш, олуш ду: «Саготта боцу, партала бернхой» – олий, ткъа цара дерриг а хуьлуш олург ду «Коьртаниг – собар». Схьахетарехь, хIума ворхIазза дуста хаарна, цкьа а шайн гIала, цуьнан куц ца дохорна шайн хIума дуьстина дарца Берн ша 1191-чу шарахь ма-ярра Iалашъян а, ларъян а хиъна цуьнан «собаречу» бахархошна. Бераш кхиор чIогIа жоьпалле декхар хета Швейцарехь. Цуьнан чIагIо ю ала мегар ду Бернехь Корнхаусплац олучу майданахь 1516-чу шарахь йинчу хIолламе хьаьжча. Иза къола, зулам дина бераш дуу наьртхо ву. Сих-сиха цуьнга хьажа дуьгуш хилла бераш. Швейцарехь дихкина ду берана тIе куьг кховдор. «Хьехамца, хьекъалца кхио деза бер» – олу цара. Дукха туьканаш, музейш ю кхузахь.

Некъаца, къаьсттина гIашлойн, бакъонаш хаза ю Швейцарехь. Масала, хьо хьайн гIашлойн некъа тIера цхьа ког баьккхина а, машен некъа тIе охьавоссахь, хьуна еа агIор йогIу транспорт соцур ю. Церан Iедало а, хьекъало а боху: «Адам экаме ду, иза лазор ду, ткъа машен онда ю, аьчгах йина ю». Церан Iедал адамийн аьттонна къахьегна а, къахьоьгуш а ду даима. Берн гIалин да шен кIентан берашца волалой лела, цхьа а ха а доцуш, маьрша.

Цигахь бехачу вайн махкахошка хатта а мегар ду шуна иза – Iедалан система а ю говза хоттийна. Масала, церан 7 министр ву, ткъа уьш роггIана Президенташ хуьлу шайн пачхьалкхехь. Царна гIолехь ду вовшашка луш йолу рагI цIена кховдор. Харжамаш ца хиларна, къовсамаш-хьарамлонаш а оьшуш яц царна.

Швейцарин аматаш боккъал тера ду вайн махках. ДIахьаьжча, гуш долчу лаьмнаша Iехавой, ахь цIахь йитинчу Шуьйта я, Сиржа-Эвла кхачаво хьо. Ткъа хенан хIоттам вайн цIахь санна хуьлу. Шен латтан барамца а Нохчийчоьнах чIогIа тера ю Швейцари. Довха, кIеда хуьлу церан Iа. Хаза гIиллакхаш ду юьртахь.

Урамехь массо а адам вовшашка де дика деш, дистхуьлу. Вай санна могаш-паргIат хIотту цара. Цюрих Iоман бердаца йолчу Вайденшвиль олучу юьртахь дика вевзаш волчу Томас Гайсеран доьзалехь хьошалгIахь яра со. Томаса совгIатна билет эцнера суна ерриг а Швейцарехь мел йолчу транспортана бакъо йолуш (хIордкема, автобус, трамвай).

Цундела, цIерпоштсан аьтто хилира цигахь муьлххачу а метте кхача. Иштта, Томасан хIусамехь, жижиг тIехь плов дан юьйлира со. Самукъа а долура исбаьхьа хазачу хIусамехь гIуллакх дан! ДIайолаелча холодильника чохь жIонкаш ца карийра. Церан жимах волу кIант вара цIахь. Цунна хиира суна тIеоьшийла уьш. «Со хIинцца схьавогIу» – аьлла, кора кIелахула дIаведира иза лулахошка, юха, иштта сиха схьаведира: «ХIан, хIорш дуьйций ахь?» – элира Мануэла.

«Ой! ХIара-м, ша ЭгIаштIахь санна, хIума ма ду» – аьлла цхьа сайн цIеран, сайн къоман гергара гIиллакх хийтира суна иза. Ма хир дара иза Москвахь! Лулахчуьнга жIонк дехча, минот а ялале психиатре кхайкха там бара...

ХIуман нийсо а, цIано а езаш бара сан гергарло долу нах. Къинхетам бу цаьрца. Цара динчу диканехь а, Женева гIаланах а лаьцна тIаьхьа дуьйцур ду ас.

Эльдарханова Зайнап

Эльдарханова Зайнап - нохчийн яздархо а, журналист а ю.

Авторш

XS
SM
MD
LG