ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саюдисо талла боху нохчашна дуьхьал дина зуламаш


Украина -- Ландсбергис Витаутас, Киев, 12.12.2014
Украина -- Ландсбергис Витаутас, Киев, 12.12.2014

Нохчийн исторехь шатайпа меттиг дIалоцу Чиллан-батто, историн йохаллехь гуттар Iожаллан бIаьра хьийжинчу вайн къоман дахар цу баттахь хедачу дозана тIедаьлла хиларна. Историкаша далочу терахьшца 1944-чу шарахь Юккъерчу Азе хьажийнчу вайнахах ах сов нохчо а, гIалгIа а кхелхира цамгарех а, мацаллах а, шелонах а, кхийолчу халонех а.

Жима а, воккха а ца къастош, вайн къомана дина тIаIзар дагадогIучу нехан терахь шо шаре мел дели а лахлуш ду. Кху тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь лелийначу къийзаллаша цу заманехь вайн къомана тIехь латтийна Iазап карладаьккхинехь а, шинна а бохамах дийца луурш а, я хуурш а дукха бац дуьненахь а. Таханлерчу дийнахь кхечу махкашкахь хьал карзахдаларна а, Нохчийчуьра хьал шатайпа хорша дерзарна а, шии а бохам бицлуш лаьтта дуьненахь а, я лаьттий техьа?

И хаттар кхолладелира масех де хьалха Саюдис цIе йолчу Литварчу къоман боламо Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенте а, Европан парламентан спикере а, ОБСЕ-н хьаькаме а, кхиболчу пачхьалкийн куьйгалхошка а, дуьненаюкъарчу вовшахкхетараллашка а 1944-чу шарахь нохчий махках бахар геноцид санна тIеэца аьлла кхайкхам бича www.sajudis.com. Цул совнаха, цу боламо тIеэцначу кхакхамо вайн махкахь кху тIаьхьарчу ткъе сов шарахь хиллачу шина тIамехь дина тIеман зуламаш талла а теллина, зуламхошна тIехь кхел яр доьху.

Кху тIаьхьарчу шина тIамехь нохчийн къомана тIехь лелийна къизаллаш а, Сибрехь вайн къам чекхдаьлла Iазап а дуьне дицдина Iачу хенахь, хIун болам бу вайга бала кхаьчча аьлла хаьттира ас Литвахь ткъе шо сов ехачу, и кхайкхам вовшахтухуш, цу тIехь болхбинчу а Саиева Амнате.

Амнат: Саюдис кхоьллина ткъе исс шо ду. Иза кхуллучу хенахь шайн махкана маршо яккха а, шайн махкана сагатдеш хьалхаяьллачу интеллигенцино кхоьллина яра иза. Вайн маттахь 'болам' бохург ду иза, къоман болам. Цу боламан 200 000 сов декъашхо хилла. Саюдисан куьйгалхо профессор а, музыколог а Витаскас Ландсбергис хилла. Кху Литвахь хIинца йолу маршо яьккхинарг Саюдис ю. Кху 29 шарахь болхбеш схьабогIуш бу и болам, боламан цхьаболу декъашхой белла. Вайна а, шайна а чIогIа сагатдо цара. Цул совнах, кхечу къаьмнашна а сагатдо цара: Украинехь долчу а, ГIирмехь долчу а, Гуьржийчохь долчу хьолана а. Вайна гуттар сагатдина бара уьш, вайца массо а хенахь доттагIалла а, гергарло а лелийна бара уьш. Вайн махкахь вай маршо яьккхича, вайн махка царах дуккха а баьхкира. Цу хенахь дуьйна, ткъе сов шо а ду цара вайна гIодеш.

Берриг махкахь бу Саюдис болам, массо гIалахь шайн дакъош а ду церан. Кху Вилнюсерчу дакъо Нохчийчоьнах сацам тIеэцна. Со а ю цаьрца и кехат тIеоьцучу хенахь а, цара цу тIехь болхбечу хенахь а дакъалаьцна. Цу кехатах а эр дара ас: Литвана а, Эстонина а, Латвина а боккха кхерам бу Оьрсийчуьра. Кхерам бу цу пачхьалкхаца юкъара доза хиларна, цу дозанехь дуккха а эскарш гулделла хиларна а, цу пачхьалкхан Iедалан шатайпа риторика хиларна а. Оьрсийчоьнан ницкъ боккха бу, ткъа кхеран боккха ницкъ бац. Цундела, хIинца шен болх дIахьош бу и болам. Ткъа и вайн къам коммунисташа махках дохор а, Оьрсийчоьно вайн къомана дина дукха зуламаш дага а лоцуш, тIеэцна кехат ду и. Оцу кехат тIехь дуккха а вайн къомана дуьхьал дина зуламех яздина ду, кху шина тIамехь вайна тIехь лелийначу къизаллах а яздина ду. И кехат тIеоьцучу хенахь дуккха а нах баьхкинера, парламентера а тIехь, къамелаш а дукха дира. Литвана дуьхьал а бу дуккха кхерамаш, цундела кхара духьало йо (Оьрсийчоьнна). Массарна ма лаьа шен махкахь ваха, шен мотт бийца а, иштта баха луучу могIаршкара ю Литва а.

Маршо Радио: Ткъа Литвахь нохчий махках бахар дагалоцуш цхьа а барам дIахьой цу боламо а?

Амнат: Вилнюсехь дина къамелаш коьртачу декъана вайн къам дохорх а, нах байарх а дара. Иза дийцаре динчул тIаьхьа яздина кехат ду и.

Маршо Радио: ХIунда ца бицбина Литвахь нохчийн къийсам, хIунда ца даьлла церан вайх дог вайн Оьрсийчоьно террорхой ду бахарх? Цу хаттарна жоп делира Амната.

Амнат: Литвахь масех Iедал хийцаделла, керла чкъор хьалакхиина, цу керлачу чкъурана вайн махкахь хIун хилла дийца хаьа ца хаьа. Ткъа баккхийчарна дерриг хаьа, литвахой вайнах санна чIогIа шайн мохк безаш бу, вай санна шайн маршо яккха гIиртина нах бу, цундела цара вайна сагатдо. Ландсбергисо массо хенахь олура: кегий къаьмнаш гуттар вовшешна тIехIитта деза, вовшешна гIодан деза. Вай ваьш ваьшна гIо ца дахь, вайна гIодан яккхий пачхьалкхаш яц. Цундела, литвахоша яккхий пачхьалкхаш гIодийр дацара техьа бохуш, цаьрга кехаташ дIатуьсу Нохчийчохь а, Украинехь а долу хьал царна дIакхетош.

Саюдисо бина кхайкхам, цул хьалха бинарш санна, жоьпаза буьсур бу аьлла шеко яц; делахь а, дагна там хуьлу-кха кхечу къоман наха нохчашна хьакъдоцуш дина тIаIзар, вайн къомана тIехь лелийна къизаллаш дагалецча а, уьш дага а лецна, емалйича муххале а.

XS
SM
MD
LG