ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутуташа тIеэцна Сталин Иосиф вазвар а, цунна хIолламаш хIиттор а, цуьнан цIераш тахкар а доьхкуш долчу низаман проект. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.
И документ тIеэцна гIалгIайн къам махках даьккхина 73 шо кхочуш а долуш.
Оьрсийчохь карарчу хенахь юьсуш ю Сталинанна хьажийна ткъех мемориал.
Дечкен-баттахь Левада-центро бинчу талламо гойтуш ду Оьрсийчохь Сталинах баккхийбеш а, цуьнгахьа озабезам болуш а, иза лоруш а 50 гергга процент бахархой хилар.