ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнехан бохам диллинчу кевнашца дагалоцуш бу кавказхой


Успанов Юнин Мазалкерчу хIусамашкахь диллина ков, 2017
Успанов Юнин Мазалкерчу хIусамашкахь диллина ков, 2017

Нохчийчохь, ХIиричохь а кевнаш диллина, махках даьккхина къам дагалацарца

Къовсамехь ду Чиллан-беттан 23-гIа де. ХIунда аьлча, цкъа делахь,Советан заманахь а, таханалерачу Iедало а эскархойн де санна билгалдоккхуш ду и терахь.

Кхаарийдийнахь Соьлж-ГIаларчу театран, концертийн хIусамехь тоьллачу эскархошна мидалш, кхи а кеп-кепара совгIаташ доькъуш, базбира даймехкан гIаролхой.

ШолгIачу декъанна, цу дийнахь вайнах махках бохийна Казахстане дIахьовсийна терахь къематан де де санна лору.

Социалан зIенашкахь, Фейсбук хьахийча, могIарерчу наха кху шарахь къаьсттина цхьабоса ларам бо къам махках даьккхинчу дийнан, дайша 13 шарахь лайна Iазап карладоккхуш, хIораммо а шен-шен агIонтIехь дас-нанас шайга дийцинчух дагалецамаш дийцарехь зорбане баьхна.

Нохчийчохь а, цул арахьа дикка вевзаш ву юкъаралхо, бизнесхо Успанов Юни. Адаман барт цхьаъ барехь, доттагIаллин уьйраш, гергарлонаш шордарехь, чIагIдарехь дуккха а мехал гIуллакхаш кхочушдина цо.

Кху деношкахь Юнис Фейсбукехь кхайкхам бина шен доттагIаллехь мел болучаьрга, хIора шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Iедало дийнна къоманна дуьхьал даьккхинчу зуламан де дага а лоцуш, Сибрех миллий, мацаллий беллачарех кадамбарца шайн хIусаман кевнаш схьаделлар доьхуш оцу цхьана дийнахь.

Эзарнашкахь социалан машанашкарчу вайнаха тIе а тайна, догреза тIеэцна Юнин сацам.

Маршо Радио зIене елира Успанов Юница. Даим санна машенахь цхьанхьа хахкавелла воьдуччохь лецира иза оха.

Тхан тасаделлачу къамелехь цо дийцира, ша арабаьккхинчу некъах а, тахана дуьйнна хIора шарахь Чиллан –бетан 23-чу дийнахь кевнаш делла юьхьарлаьцначу Iалашонах а.

Бизнесхо Успанов Юни, 2017
Бизнесхо Успанов Юни, 2017

Кху дийнахь вай цхьана хила дезаш ду

Успанов: «Со Назране схьакхаьчча хIинца, гIалгIайн вежарша кхузахь вайн дохийначу денна лерина цхьа конференци ю, нохчех цхьа а вац аьлла, цундела леррина вист а хуьлуш, конференцехь дакъа а лоцуш, вогIуш ву со. ХIунда аьлча, кху дийнахь вай цхьана хила дезаш ма ду.

Кхо шо хьалха Кутаев Руслана хIоттийначу конференцехь барт бинера, цу дийнахь кевнаш диллича муха хир дара-те аьлла, тезет дуй а хоуьйтуш. ХIетахь тесна дитира и гIуллакх, цундела кху шарахь и дагадеанчу ас карладаьккхира, вай нохчий дуй а, и де тезетан де дуй а хоуьйтуш, мовлид доьшуьйтуш, кевнаш доьллуш хIума де вай аьлла.

Дуккха а тIе а тайна суна. Тхана дукха Iуьйрре дуьйнна Моздокехь сан хIусаман кевнаш диллина ду, суьйранна Мовлид деша кхайкхина нах а бу сан»

Цхьа могIа барамаш дIабаьхьина кху деношкахь ГIалгIайчохь вайнехан депортацина лерина. Къилбаседа Кавказан къаьмнашна гуттар кхаъ хилларг ду кху деношкахь, ГIалгIайчоьнан парламентан депутаташа тIеэцна керла низаман проект.

Шайн регионехь къам махках даккхарна бехке лоручу Сталинан цIе хенан йохалла а язъяр доьхккуш, цхабоса низамна куьгаш яздина парламентхоша.

Иштта, вайнаха лайнарг далхош митинг вовшахтоьхнера тахана Дагестанерчу Хасав-Юртахь а. Нохчаша, аьккхаша, гIалгIаша дакъалецира оцу гуламехь.

Царех цхьаьнца, Шаипов Исламца хилира Маршо Радион къамел. Ислама дийцарехь, Ауховн кIоштара бахархой тахана а бу депортацехь.

Цхьа ша хьалха а йоккхур яц, цхьа ша тIаьхьа а йоккхур яц

Шаипов: Дикка нах а гулбеллера, митинг хIоттийра, доIанаш деш, сагIанаш дехира. Вайн юкъара проблема йийцаре а йира. Бакъдерг аьлча, цхьа кIеззиг нах резабоцуш бара, оха доккхачу декъанна аьлларг хIун дара, Калининаул и Ленинаул йоцуш Ауховн кIошт оха цхьана агIор тIелоцуш цахилар.

1944-чу шарахь ма-хиллара, и кхуьй а кIошт цхьана а йолуш бен тIедуьтур дац аьлла дIахьедира оха. Цхьа ша хьалха а йоккхур яц, цхьа ша тIаьхьа а йоккхур яц. И яра тхана коьрта Iалашо.

Иштта ду тахана Кавказехь лаьтта сурт. Иштта бу бахархойн хьажамаш а.

XS
SM
MD
LG