ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболистан Пелен кIант Iедалшна каравахана, шена тоьхна хан яцъярна


Дуьненна а вевзаш волу Бразилера футболист Пеле, 2013.
Дуьненна а вевзаш волу Бразилера футболист Пеле, 2013.

Дуьненна а вевзаш волчу Бразилерчу футболистан Пелен кIант Насименту Эдсон Чолби (Эдиньо а олу цунах) Iедалшна каравахана, харцонца даьккхина ахча лелорна шена набахтехь яккха тоьхна хан яцъярна. Цунах лаьцна хаам бина ББС-но.

Наркотикаш юхкуш ахча а докххуш, иза ша хьанал даьккхина бохуш лелорна 33 шо хан тоьхнера цунна суьдо 2014-чу шарахь.

Кху деношкахь Сан-Паулу гIаларчу кхело и хан яцйина, набахтехь баккха 12 шо 10 бутт а тухуш.

1990-чу шарашкахь Эдиньо кевнаш лардеш вара, хIалха Пеле ловзуш хиллачу «Сантос» олучу футболан клубан. Пелен кIанта даре дина, ша наркотикех возуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG