ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказера конфликташ дIаерзон некъаш лехира Тбилисехь хиллачу конференцехь


Гуьржийчоь -- Конференцин декъашхой, Тбилиси, 25-Чилл.2017
Гуьржийчоь -- Конференцин декъашхой, Тбилиси, 25-Чилл.2017

Гуьржийчоьнан коьртачу гIалахь, Тбилисехь хилла Кавказера конфликташ муха дIаерзалур ю бохучу хаттарна хьажийна конференци. Цунах лаьцна хаам бо «Кавказ Реалии» интернетан портало.

Конференцин декъашхоша цу конфликтийн истори йийцина ца Iаш лехира маслаIат кароран некъаш. Юьйцурш яра гуьржийн-абхазойн а, гуьржийн-хIирийн а, Карабахера а, хIирийн-гIалгIайн а конфликташ.

Конференцин декъашхоша сацам бира Кавказера хьал дуьйцуш Iедалех йозуш йоцу леррина телеканал а, интернет-ресурс а кхолла. Цу гIуллакхана спонсорш лаха сацам бира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG