ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров реза ву «Москох буьрса латар» турниран жамIашна


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

WFCA-н (World Fighting Championship Akhmat) ийначу кепийн латарехула 34-гIа турнир хилла Шоьтан дийнахь Москох. Цуьнан жамIашна реза хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Москохара «Москох буьрса латар» цIе йолу турнир вуно кхиаме хилира аьлла яздина цо шен Инстаграмерчу агIон тIехь.

Кадыровс бинчу хаамца, Москох турнирехь шийтта латарехь "Ахмат" клубан векалш 7-зза тоьлла, ткъа цхьа латар тоьлларг воцуш дирзина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG