ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Танканийн биатлон ю йоьдуш Шелахь


Нохчийчохь Шеларчу «Гвардеец» полигонехь танканийн биатлон йолийна шинарийдийнахь. Дуьненаюкъарчу «АРМИ-2017» къовсадаларшкахь дакъалаца кечлуш ю Къилбаседа Кавказера гIагIанан герзан 58-гIа бригада. Эскарийн гонан пресс-гIоьнчалло бечу хаамца, пхийтта Т-72Б3 танк ю биатлонехь дакъалоцуш.

Нийса хIоъ кхосса а, дуьхьалонех аьттонца чекхбовла а Iамаш бу танкисташ. Иштта, оьшу танкисташна шайгара хьуьнар а, говзалла а гайта. Нохчийчохь тоьлла танкисташ хьовсор бу ерриг Къилбаседа Кавказан гонехь къовсабала.

Аьхкенан беттанашкахь хиндолчу дуьненаюкъарчу танкистийн къовсадаларшкахь дакъалоцур ду Оьрсийчоьнан, Китайн, Беларусан, Казахстанан, Азербайджанан эскархоша. Дахначу шарахь и санначу танканийн биатлонехь дакъалецира 19 пачхьалкхо. Туьйлира Оьрсийчоь, шолгIачу меттехь яра Казахстан, кхозлагIаниг – Китай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG