ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова Наташа йина де ду


59 шо кхаьчна журналист, бакъоларъярхо Эстемирова Наташа йина. Итт шарахь бакъоларъечу «Мемориал» юкъараллехь болх бира цо ша яда а йина, 2009-чу шеран аьхка еле.

Эстемироваца даима а Iиттабелла бара Нохчийчуьра Iедалан буьйранчаш, эскарийн куьйгалхой цо цаьргара дуьйлу гIалаташ, зуламаш кест-кеста Iорадохуш хиларна.

Массех верси яра иза еран, амма цкъачунна теллина даьлла дац дов.

Эстемирова йинчу а, йийначу а деношкахь Оьрсийчохь а, Европерчу шахьаршкахь а дагалацаран барамаш хIуьтту. Ткъа Нохчийчохь бихкина бацахь а, ца хIиттабо и тайпа барамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG