ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнах махкахбаьхначу дийнах кхин ца баха тарло Турсхочун де


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думехь низаман проект кечйина Чиллан-беттан 23-чохь даздешдолу мехкан Турсхочун Де кхечу дийне дIатоттуш.

Проект кечйинчу ЛДПР-н векало, депутата Сухарев Ивана «оьрсийн къоман де дац иза» аьлла хIинццалц эскаран лоручу дийнах. Цо бахарехь, революцин хенара тIеман комиссар Троцкий Лев хилла и де даздан къастийнарг. Сухаревна хетарехь, аьхка даздеш хила деза Турсхочун де, хаамбо РенТВ телеканало.

1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь шаьш махкахдаьхчхьана схьа нохчий а, гIалгIай а кхаьрда пачхьалкхо и де Турсхочун де санна даздарх. Нохчийчохь къоман Тезетан де кхечу дийне дехьатеттира кхо шо хьалха Кадыровс. ГIалгIайчоьнан премьер-министро деношкахь дIахьедира, шена а лаьа и дагалецаман де кхечу дийне дIататта, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG