ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машен лело бакъо оьцуш, юхкуш хилча...


Оьрсийчоьнан автошколийн юкъаралло хьоьху тIейогIучу хенахь машен лелон бакъо бахархошна юьхьанца, иза зерхьама, шина шарна бен цаялар.

please wait

No media source currently available

0:00 0:07:45 0:00
Линкана тIе

Иштта хьал ду Оьрсийчуьрчу мьлххачу а гIалахь! Кху хьеречу заманахь машенаш адамийл а яьржина хетало некъаштIехь. Шо хьалха Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан автоинспекцино шайн чоьте эцна 57 миллион гергга машен.

Вайн пачхьалкхехь тIамехьчул а алсам нах некъан бохамашкахь леш хилар а чIагIдо статисташа а, тергамчаша а.

2015-чу шарахь, некъан полицино Iораяьккхина некъашкахь машенашлелорхоша низамаш дохийна 34 миллион меттиг.

Оцу зуламашкахь 40 миллион гергга вийнарг а, 250 эзар кеп-кепара чевнаш йинарг а ву.

Оьрсийчоьнан Iедало ян езза терго ца йора оцу проблемин, цара далхадора, пачхьалкхехь некъаш готта хилар, некъаш шордан таро цахилар а.

Иза а кхеташ ду, дехха шераш а, Iаламат дукха ахча а оьшу некъийн проблема ерзон а.

Амма шерашкахь зераш динчу статисташа чIагIдо, некъаш ледара мел хуьлу бен, бохамаш кIезиг а ца хуьлу бохуш.

Цара бахарехь, беркъачу, доьхначу некъаштIехь машен лараме лелайо шоферо, ткъа шерачу некъатIехь кхоа ца еш дIахохку.

Некъашкахь хуьлучу бохамийн уггар коьрта проблема лору, шаьш бахархоша мукIарло дарехь, автошколашкахь а, некъан полицино а лелон коррупци.

Машен лело бакъо эца аьтто бара хьеннан а, туьканахь оьцу муьлхха а сурсат санна. 25-30 эзар соьме кхаччалц шен хIоттийна мах а болуш юхкучара.

Цуьнах пайда а оьцуш, автошколашкахь хан ца йойуш чекхбийлина дуккха а шофераш бу, масала, еккъа цхьа Нохчийчоь йийцича.

Харц хир дац, цигахь, хIора машен йолчу 3-чу вахархочо некъан низамаш ца девзаш, яла еза экзамен а ца луш, мехах эцна ю аьлча машен лелон бакъо.

Халкъалахь дукха хан ю олуш хеза, "бакъо эцар гIоле ду, деша воьдучул а".

Шен цIарца, аз а хазош вистхила ца хIоьттинчу махкарчу цхьана вахархочо элира Маршо Радионе, оцу автошколехь а ю еккъа цIена коррупци аьлла.

Цо бахарехь, кхаа баттахь, цхьа а де юкъара а ца долуьйтуш хьо дIалелахь а урокашка, ахь мел лаккхара жамIаш гайтахь а, экзамен дIалучу дийнахь цхьацца новкъарлонаш лелош, ког туьйсуш, дуьхьалонаш лелайо, чомахь чекх ца валийтархьама.

ХIунда аьлча, юх-юха декхаре во хьо, шолгIа а, кхоалгIа чекхвала оцу хаарш зерах. ХIоразза а, дIалучу экзаменах ахча дала деза. Цундела бакъо, эцца 25 эзар сом дIакховдийчхьана, гIад а боьлхий схьало, бохура цо.

Амма, стохка, Соьлж-ГIала чувуллучохь, 8 стаг в вуьйш, махкахь ирча бохам хилчхьана Iедало луьра дехкар дина некъан полицин урхаллана а, автошколашна а, машен лелон бакъо мехах йохкар. ТIедожийна автошколашкахь 3 баттахь дешар а Iамийна, цул тIаьхьа машен лелон хаарш зийначул тIаьхьа бен цаялар бакъонаш.

Баккъал а хьал толлуш, тхо зIене девлира Соьлж-ГIаларчу ДОСААФ-ан цхьана автошколан директорца Молочаева Зиница.

Цо дийцарехь, къоьлла яц тахана цо куьйгалла дечу школехь дешархойн.

Машен лело бакъо оьцуш а, юхкуш а хила йиш яц

Молочаева: «Тхан автошколехь тахана доьшуш ши тоба ю. Цхьана группехь 30 стаг ву, вукху тобанехь 25 дешархо. Машен лело бакъо юхкуш яц, юхкуш хила езаш а яц. Уьш ГАИ-хь луш ю, нагахь санна, ахь автошколехь деша а дешна, экзаменаш дIаеллехь».

Кху деношкахь социалан машанехь а цхьаьна кар-кара оьцуш дуьйцу Москохарчу автошколийн юкъаралло дуьххьара машен лело бакъо шина шарна яла еза, и стаг зерхьама, цул совнах, кхи а цхьацца некъашна доза а тухуш аьлла дина дIахьедар.

Оцу юкъараллан говзанчаш тешна бу, хIинцца машен лелон волалучунна, уггар хьалха, шена интересе хирг хиларх, новкъахь низамаш ца талхош, ша санна волчуьнца а, некъахочуьнца а гIиллакх лардеш лелар, нагахь санна юьхьанца шина шарна бен бакъо ца луш, иза зийча.

ГИБДД-н куьйгалле и нициатива кховдийначу юкъаралло иштта хьоьху шина шарна бен бакъо цаеллачарна оцу заманчохь дехкар машен маса хехка а, пассажираш дIасалело а, буьйса йоьллачул тIаьхьа машенца арабийлар а.

Керла низам хIинца а тIеэцна дац, амма карабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь Оьрсийчоуьрчу ГИБДД-н хьаькамца дийцаредан лерина ду.

Маршо Радионо хаттам бира махкарчу кегийрхошка а, муха тIеоьцу цара Оьрсийчоьнан автошколийн юкъаралло кховдийна некъаш аьлла.

Соьлж-ГIалара Гайрбеков Ахьмад тешна ву, тахана махкахь некъаца хуьлу бохамаш лахбала там бара, оцу дийцаредечу а, кхи а Iедало бечу бехкамаша а аьлла.

Оцу низамо Iамор ву машенлелорийг сема хила

Гайрбеков: «Новкъахь низамаш хууш воцург билгал хуьлу, амма ахь боху низам тIеэцахь, лаахь а, ца лаахь сема хир ву машенлелорийг. Цо низамаш а лардийр ду, оцу шина шарахь цунна шарлур ду машен лело а, муьлхарниг хIун билгало ю а.

ХIинццал юкъахь лелаш дара, хьо новкъахь инспекторо сацийча, забаренна санна хоттура, ахь бакъо эцна юй олий. ХIинца оцу автошколийн юкъаралло кховдийна некъ Iедало тIелацахь, аьтто хиллане а хир бац бакъонаш йохка».

ХIара материал кечъечу юкъанна болчу хаамашца, Астраханехь некъан бохамашкахь цхьа стаг велла.

ГIезалойчохь зуда елла.

Тулехь жимстаг.

Петарбухахь полисхонна чевнаш хилла.

Тюменехь 8 машен вовшахкхеттачу бохамехь зуда лазийна, ткъа Омскехь 6 шо долу бер.

Челябинскехь шиъ лазийна, цхьаъ велла.

Нохчийчохь цхьаъ велла, шиъ дарбан цIийне кхачийна.

Ищтта, статистийн зерашца, оьрсийн пачхьалкхехь хIора 5 секундехь машен машенах кхетий, некъан хьовзам эккха.

XS
SM
MD
LG