ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пальмин: "Кхоьррушехь вахара со 40 шо хьалха Нохчийчу..."


Оьрсийн фотограф Пальмин Игорь
Оьрсийн фотограф Пальмин Игорь

1970-1980 -чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу оьрсийн фотогарфо Пальмин Игора Нохчийчоьнна совгIатна дIаделла ша цигахь даьхна суьрташ.

Советан заманахь дуьйнна шуьйрра вевзачу оьрсийн фотографца Пальмин Игорца Маршо Радион дуьххьара гергарло тасаделира яхначу гурахь.

ХIетахь гучуделира, 1970-1980-чу а шерашкахь суьрташдахархо Нохч-ГIалгIайчохь хиллийла.

Пальмина цу хенахь даьхна суьрташ тхешан сайтехь даржа а дира оха.

Кху деношкахь хаамбо махкарчу зорбанаша, Нохчийчоьнан куьйгаллан архиве Пальмин Игора ша даьхначу суьртийн 163 файл совгIатна дIаелла аьлла.

Соьлж-ГIаларчу Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь вовшахкхеттачу историкаша а, географаша а, музейн белхахоша а дийцаредира, Нохчийчоьнна Iаламат мехал хиларх фотографа дина совгIат.

Нохчийн къам махках даьккхинчул тIаьхьа а, цул тIаьхьа хиллачу тIемаша а даккхий зенаш дира вайнехан культуран, историн эсаллана.

Къаьсттина и суьрташ башха а, маьIне а хилар ду, цу сурташтIехь авторо гойтучу бIаьвнех, хIолламех дукхахъерш хIаллакхилла, суьрташтIехь бен кхи ган таро цахиларна аьлла, дийцира Маршо Радионе горгачу стоьлехь дакъалаьцначу, «Евзаш йоцу Нохчийчоь» Iилман-талламан экспедицин куьйгалхочо Бугаев Джамлайс.

Iаламат деза совгIат ду фотографа динарг

Бугаев: «Вайна ма хаъара, интернетчохь и суьрташ даьржинера, оцу бахьанца тхо тIаьхьадевллера Пальмин Игор вовза а, цунна тIекхача а, цуьнгара суьрташ цIадерзо а лаам болуш.

"Евзаш йоцу Нохчийчоь" аьлла вайн махкахь кхоьллина экспедици ю, цо болийнера и болх. Фотографца зIене а девлла, цуьнца барт а хилла, цкъачунна каракхаьчнарш суьртийн файлаш ю, негативаш а цIаерзо дагахь ду, хIунда аьлча, бух ма бу и.

Оцу сурташтIера цхьайолу меттигаш тIемаша а, замано а хIаллакйина, цундела сурташкахь бен церан безам бисина бац.

ТIейогIучу хенахь Соьлж-ГIалахь Пальминан суьртийн гайтам а хир бу, иштта документалан филм яккха а дагахь ду тхо».

Карарчу хенахь Пальмин Игоран 84 шо ду. Маршо Радиоца телефонехула къамел дан могушалла ца тоьара цуьнан, цундела тхан юкъарло хилира йозанца.

Маршо Радио: Муха нисделира хьан дуьххьара Нохч-ГIалгIайчу кхачар аьлла.

Нохчийн мохк кхераме хетара суна

Пальмин: Архитектурийн некъгойтуршна зорбатухучу немцойн арахоьцийлан тIедилларца 1970-чу шеран чакхенехь вахара со дуьххьара нохчийн махка. ЧIогIа кхераме хетара суна и мохк, хIунда аьлча депортаци лайна къам дара и.

Суна ца девзара нохчийн къам. Ца хаьара, муха ю церан амалш, оьрсашца юкъаметтигаш. Амма хIетте а, ши бIаьрг хьаббина, дIавахара со.

Цхьана юьрта кхечи со, цигахь башха пайдаэца меттигаш ца карий суна.

Юха кхечу эвла кхечи со. Цигахь жаIун тоьличохь буьйса а яьккхина, гонахарчу хьаннийн, лаьмнийн, бахархойн, жаIуйн суьрташ дехира ас. ДоттагIаллин уьйраш дIатасаелира сан цаьрца.

Цул тIаьхьа, цхьа бутт баьлча, юха а лаам хилира сан Нохчийчу кхача. ХIетахь Iаламат дукха суьрташ даха аьтто хилира сан. Цхьа гали дуьззина суьртийн пленкаш еара ас. Амма сан цхьана а суьртах пайда ца ийцира хIетахь немцойн зорбано.

Суна хетарехь, ца бехьира уьш. Оцу суьрташтIехь къеггина гуш ма ду, и херцарш хенан йохалло йохийна йоцийла а, Сибрех хьажийначу нохчашна юхабахка меттиг ца хилийта, советан заманахь бомбанаш йиттина, хIаллакйина юйла а.

Маршо Радио: Къаьстина хIун дагахь лаьтта хьуна айхьа Нохчийчохь бинчу некъах? Нохчашца дечу къамелашкахь, дукха хьолахь, стенах лаьцна хуьлура церан хеттарш?

"Макар" тапча дика герз дуйла а хииира суна Нохчийчохь

Пальмин: Уггар дагахь доцу хаттар дира соьга цхьамма, хIун мехах хуьлу Москох патармаш аьлла. Нохчийчохь дорах дара уьш, амма каро хало хуьлура. ЖаIуйшкахь суна гина тоьпаш гIажаройн герзах яра, амма чудохку патармаш советан пачхьалкхехь арахоьцурш дара.

Цара дийцарехь хиира суна «Макар» тапча дика герз дуйла а, амма тIаьххьарчу патармано ца эккхаш, кIелвуьтуш хуьлий а.

Маршо Радио: Хьо гоьваьлла фотограф ву….

Пальмин: ХIан-хIа, со цкъа а вацара цIеяххана фотограф. Со готтачу гонашкахь бен вевзаш вацара. Сан суьрташкахь уггар коьрта тема яра архитектурица йоьзна, ткъа дика вевзара со художникашлахь. Хастамбеш долчу дешнех кхийрина со даима а!

Маршо Радио: Ахь элир-кх, цхьа гали дуьззина суьртийн пленкаш еара айхьа нохчийн лаьмнашкара аьлла. Тахана тIе чан а йиллина Iохку уьш я кест-кеста, кегош, цаьрга хьоьжуш, самукъа а долуш, дагалецамашка вуьйлу хьо?

Пальмин: Сайн архивехь Iалашдеш ду ас и суьрташ тахана а. Сих-сиха, схьаоьций, лорре цаьрга хьоьжуш дукха Iа со. Цхьа башха, тамаше дегахьаам хуьлура суна хIетахь, со кхерсташ лелачу хенахь.

Суна жимчохь дуьйнна, даим дезара Iалам. Дукха жимчохь дуьйнна евзара тхайн хьаннаш, жIаьлин нускалш лехьо оьхура со хьуьнха. Вуьшта а, ойланашка а воьдий, хьуьнчухула волавелла лелаш а самукъадолура. Цул совнаха, кхечу мехкашка, гIаланашка воьдуш а чIогIа дезара суна. Амма туризм цкъа а ца марзъелла суна.

Маршо Радио: Мел хийцаелла аьлла хета хьуна Нохчийчоь хIетахьчуьнца дуьстича?

Селханалерачух лар а ца йисина

Пальмин: Сайн ойланашкахь, дагалецамашкахь тилла лелар суна Iаламат ладаме ду. ХIетахь а, тахана оцу нохчийн махках суо кхетар а ду суна деза. Цуьнан тоххарлера, дIадаханарг, хилла тIаьххьара тIемаш а цхьаьна…

Хилларг, лелларг, тахана дерг суьрташца дуьстича, ас кхетадо селханалерачух лар а йисина йоцийла.

Пальмин Игора Маршо Радионна совгIатна делла суьрташ ган аьто бу кху адресца:

http://www.radiomarsho.com/a/28I4II03.html

http://www.radiomarsho.com/a/28I32895.html

http://www.radiomarsho.com/a/28I26230.html

http://www.radiomarsho.com/a/28I32895.html

XS
SM
MD
LG