ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло тидаме а ца эцна Навальныйс Медведевх лаьцна бина таллам


Коррупци толлучу Навальныйн фондо Медведев Дмитрийн низамехь а доцуш долаерзийна гIишлош ю аьлла баржийна таллам Кремле кхаьчна бац. Иштта дIахьедина пIераскана Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. «Иза оцу вевзашволчу, кхело бехкевина хиллачу вахархочун ирталлин дуьххьара масал дац» - аьлла тIе а тухуш.

Навальный фондо, хьалхо ша бинчу талламна тIе а тевжаш, даржийра интернетехь, Медведевн дозанал арахьа низам а талхош эцна гIишлош ю аьлла. Ткъа премьер-министран гоно «пропаганде дерзийна эладита» ду аьлла Навальныйн фондо бинчу талламах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG