Нохчийчоьхь берашна уьш полимиелитах Iалашдеш мехий тухучу лоьрашна 2016 шарахь дуьхьало йира цигахь гIаттициначу информацин тIамо, дIахьедина федералан медицианан-биологин агенталлан куьйгалхочо Уйба Владимира пIераскана.
Дай-наношка мессенджершкахула хаамаш кхочура вакцинаца хьакхин цIий ду, бохуш, оцо дуьхаьло а хIоттийра шайн балханна, аьлла Уйбас.
Цо дийцарехь, стохка лоьраш, вакцина а йохьуш Нохчийчу баьхкича, наха ца далийра бераш царна тIе, ткъа Кадыров Рамзана гIодира адамаш кхетош, тIаккха бен аьтто а ца белира берашна мехий детта.
Полимиелитна дуьхьал 17 эзар нохчийн беранна (70 %-на) маха тоьхна Нохчийчохь цкъачунна.