ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европе гIертачу мухIажиршна центраш яхка еза Мисарахь я Гуьржийчохь...


Европан Берто шен дозанал арахьа, масала, Гуьржийчохь, массанхьара а мухIажирш тIеоьцу центраш xIитто еза. Иштта кхайкхам бина Bild am Sonntag газетана ша еллачу интервьюхь Австрин арахьарчу гIуллакхийн министро Курц Себастьяна.

«Иштачу центршна Iуналла деш а, кхачо еш а хила еза Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацин мухIажираллехула йолу комиссариат», аьлла Курца.

«Стенгахь хир ю — бен а дац, хуьлда уьш Мисарахь, Гуьржийчохь я Балканашкарчу цхьана махкахь, Европе кхача гIерта мигранташ оцу центршка дIахьийсо беза», боху Австрин дипломатин куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG