ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 миллион сом тIедожийна Закаевна


Дубровкерчу Театран центрехь динчу терактехь хиллачу закъалтхойн адвокаташа бахарехь, царех 20 стага доьху бехкевина, лаьцначу Закаев Хьасанера компенсаци даккхар. 2014-чу шарахь дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла Закаев Хьасан Iедало лаьцначул тIаьхьа, юха талламаш болийна «Норд-Ост» мюзикл йоьдучу хенахь динчу зуламан.

Бехкевечо мукIарло дина, театрна тIелатардан вовшахкхеттачу тобанна ша герз дIакхачийна хиларх, амма церан коьрта Iалашо шена хууш цахиларх а.

Адвоката Зубер Игора бахарехь, 100 миллион сом гергга ахча тIедожийна Закаевна.

XS
SM
MD
LG