ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецехь лаьцна оьрсийн коррупционер


Швецин Bombardier компанин белхахо, Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна Стокголмехь. Зорбанашкахь цкъачунна цуьнан цIе йовзуьйтуш яц, кхаьънаш эцар ду цунна бехкедуьллург. "Новая газетано" а, коррупци толлучу Центро (OCCRP) «Панаман досьен» гурашкахь арахецна матераил бахьанехь, шеконаш кхоллаелла, лаьцна Швецин полицино оьрсийн вахархо.

1990-чу шеран чакхенехь Оьрсийчу кхаьчначу Канадин машенаш ен Bombardier компанино, оьрсийн аьчган некъашна латтайо микропроцессорийн системаш.

"Новая газетано" бинчу хаамашца, Швецин Оьрсийчуьрчу компанино шеко йолу гIуллакхаш леладо «Оьрсийчоьнан аьчган некъийн» куьйгаллехь лаьттинчу Якунин Владмиран кIентан Крапивин Алексейн офшорашца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG