Соьлжа-ГIалахь даздечу хьолашкахь дIадаьхьира ГIирмана Оьрсийчоьно аннекси яр. Цхьадолу терахьашца, Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майдане гулвеллера 10.000 герга стаг. Гулабеллачех дукхахберш бюджетникаш а, дешархой а бара. Ала догIу, ахгIайренна аннексих Оьрсийчоьнан официалан Iедалша даймахкца "юхацхьаьнакхетар" олу.
Цу “мехалачу” денна лерина концерт а хIоттийра, тайпа-тайпанчу спортийн кепашкахула къовсамаш дIабаьхьира Соьлжа-ГIалахь.
Билгалдаккха деза, дуьненан юкъаралло хIинца а лору и ахгIайре Украинан дакъа. АхгIайре Оьрсийчоьнца дIалаьцчхьана цунна духьал яьхначу санкцеш экономикана мел ницкъ барх, дуьненаюкъара низам дохор дац ГIирма Оьрсийчоьне "юхаяр", бохуш дIахьедо Оьрсийчоьнан Iедало.