Бексултанов Муса
Самавалале самавалар…
Суьйренашца я буьйсана, дийнан гIар къаръелла, хьайн ойланашца цхьаь вуьсуш, хьо хьуо хьайца хьежаваьлча, айхьа лелорг а, хIара дуьне а, хIара адамаш а, зама а ма эрна гIовгIа хета-кх хьуна, ма хIумма а доцу хIума, цкъа маццах, беран хенахь, дицделлачу гIенах терра, меттахъхьоь цхьа сарташ, цхьа моттарш, IиндагIаш, дагалеца дагалецам а боцуш, пана кирчинчу есаллехь…
… цкъа Iаьршашка, азалле, аб-абаде хьаьдда ойла-ненах тилла кIорни санна, орцанца орца доьххушехь шен орцанца ма-диссара, – ойла хьаьвззий юхакхочий-ц, хьуна улле охьалахлуш, хьоьцанна хьан гIайгIа хьеша…
… ойла товжо гIовла яц-кх, ойла йижо, Iехо, гушдерг бен гуш хIума доцчу сел готтачу дуьненахь…
… заманаш ма дIаихна-кх, ма Iенна-кх хиш, хIордаш а, умматаш а делла-кх иштта, иэс а, хилар а я лар а йоцуш, буйннал йоцчу лаьттан цинцо цхьанаметтахь гуо а хьийзош…
… хьан юрт а иштта лаьттар-кх цкъа, лакхара арц а, сийна бай а, хьан когаша гIиттийна чан азаллехь ца а юьжуш…
…хIара дерриг а цкъа чекх а даьлла, хьан гIенан тай хаьдча, самавалар муха хир техь-кх, мича махкахь, хьаьнца лулахь… хаттарна жоп хир дуй-те, хIун хоьттур-кх, ахь хIун аьр-кх…
… кхана а иштта хIара гIовгIа юха, туьтмIаьжгаш, хIилланаш, моттаргIийна куц-кепаш, шалхаллаш цIер-хазамна: хьал-де, болх, могашалла а, да-нана а деца ирахь…
… юха а хьо хьуо хьайца иштта, хьайн цхьаллийца цхьаь висча (суьйренашца я буьйсанна, дийнан гIар лахлуш), айхьа лелорг а, хIара дуьне а, хIара адамаш а, зама а цхьа моттаргIа гур юй-ц хьуна, цхьа хIумма а йоцу хIума, айхьа-хьайна дала цхьа жоп а доцуш, цхьа хьесап а я хаттар а…
… хьайн ойланца вуьсур-кх хьо, хьайн цхьаллийца, хьуо-хьайца, ойла товжо гIовла лоьхуш, ойла ялхо, Iехо, мацца а гIан чекхдаьр-кх, хьоьжуш, чекхдаларна кхоьрушшехь, юха а цу хIиллана ваца, цу шалхонна, моттаргIийна, гушдерг бен гуш хIума доцчу кху десачу дуьненахь…
…самавалар лолда-кх хьуна, – самавалале самавалар, – гIан а, дуьне а цхьаъ дуй а хиъна, хьуо а гIенан сибат дуй а, самахчу хьуна цкъацкъа гуш хета хьан гIенан дайна сибат…
1.Tецаш – дилх хьашар.
2.Iалажо – герз тухуш, бIаьргаца лоцу метт