ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Етташ, лецна ТIехьа-Мартанарчу Давыденкора бахархой


КIирандийнахь лаххара а 3 стаг дIалаьцна полицино Давыденко юьртахь.

Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисе меттигерчу хьостано бинчу хаамца а, социалан машанашкахь баьржинчу видеогайтамо дечу тоьшаллица а, цигарчу Мира урамехь цIенош низамехь дина дац аьлла, Iедало 75 эзар сом дехна массех хIусаме. Ткъа нах иза дала реза ца хилча, герзашца, техникаца Iедалхой баьхкина цIенош дохо.

Бахархойн резабацар дижош, полицино етта йолийна гулбеллачарна, цаьргара телефонаш дIа а йохуш. Кхо стаг вигина ТIехьа-Мартанарчу полице.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG