ТIекхочийла долу линкаш

Москох Изумрудная урамехь яьллачу цIергахь велла 2 стаг. 12 кIелхьараваьккхина цIенна гонах гулбеллачу наха. И хаам баржийна «Комсомольская Правда» газето.

Нах кIелхьара бохуш доьналла гайтина шайгара оцу метте нисбеллачу кавказхоша. Царех цхьамма, нохчочо Чентиев Анзора дийцина хилларг. ЦIейойу машенаш гIоьнна кхачале, йогучу чоьнашчу а лелхаш, цо а, цуьнан накъосташа а кIелхьара баьхна нах.

Шега журналисташа деллачу хаттарна жоп луш Чентиевс аьлла: «Суна Нохчийчохь тIемаш лаьтташ дукха байна и санна бохамаш, со ца кхоьру адам хьовзамах кIелхьарадаккха».

Изумрудная урамерчу цIенна яьллачу цIаро лаьцнера нах беха 300 еакъов метр. Верриг а 60 стаг ваьлла кIелхьара, 9 дарбан цIийне кхачийна. Газ бахьанехь яьлла цIе.

XS
SM
MD
LG