ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кхело лаьцна лара кхайкхийна Яценюк


Ессетукерчу кхело лаьцна лара кхайкхийна Оьрсийчоьно бандитизмна бехкевен Украинехь премьер-министр лаьттина Яценюк Арсений, боху оцу кхелан сайто.

Иштта, стаг верна а бехкево кхело Яценюк.

Сайто бахарехь, бутт хан ю иза Интерполехула лаца кхайкхийна.

Ша Яценюка Ессентукерчу кхелан сацамах аьлла, «иза бух боцу хIума ду», Оьрсийчоь «дескридитаци ян гIерта» шена. Цо бахарехь, кхело шен сацам кхачийна Оьрсийчуьрчу Украинан векалте.

2016 шо довш Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра дIахьедира Яцеюк Нохчийчохь цигарчу тIемалойн агIор а лаьттина, нах хьийзош, бойуш а лелла, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG