Ахча лачкъорхьама 142 стеган цIарх банкан картанаш дарна бехктакхаман дов айдина Нохчийчохь банкан белхахчунна дуьхьал.
Талламо бахарехь, шайна нахана хаийтина а доцуш, церан цIарх хIиттийна картанаш мила ву ца хуучу стаге дIаделла банкиро стохка.
Нах тIеман декъера эскархой болчуха арахоьцуш хилла харц картанаш, ткъа прокуратуро гучудаьккхина тIеман дакъоша уьш дайтина а доцийла, боху Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратуран сайто.
Харц картанашца банкоматашкахула 12 миллион сом ахча схьаэцна банкан белхахочо.
Кхело бехк тIечIагIбеш хилахь, 4 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан тухур банкирна.