Путин Владимире рогIехь (доьазлагIа) президентан даржехь висар доьху Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Вуно оьшу вай массара а ондда дIаала: оха цхьана а бахьанийца магор дац халкъан лидерна харжамашца ша гIур вац аьлла дагадаийта а», аьлла Кадыровс Интерфаксна интервью луш. Цунна хетарехь, Путин пачхьалкх маьрша хиларан гарант ву.
«Цхьа а кегдарш-листарш а доцуш, стабилалла хилчхьана, дерриг а кхочушдалур ду. Кхечу кепара дIадодахь, …суна дийца а ца лаьа хIун хир ду» - бохура Кадыровс.
2018-чу шарахь ихр бу Оьрсийчохь рогIера президентан харжамаш.