ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан дуьненаюкъара Къовсадаларш дIахьойла дуй Оьрсийчохь?


2018-чу шарахь Оьрсийчохь хила деза дуненаюкъара футболан ловзарш бойкоте дахарх лаьцна къамелаш хилла Германин даржхошлахь. Цунна бахьана lелларг ду кху деношкахь Москох а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а коррупцина дуьхьал хIиттийна гуламаш Iедало ницкъаша дIасалахкар.

Парламентан керста-демократин фракцин лидеран гIовсо Фукс Михаэла дIахьедина, адаман бакъонаш талхош хьийзачу пачхьалкхехь хуьлийла дац цхьа а дуьненаюкъара ловзарш, Оьрсийчоьно дукха хан ю дуьненаюкъара низамаш талхаден, аьлла Фукса.

Оьрсийчоьнца Германин Iедало лелочу юкъаметтигех жоп лучу хьукматан куьйгалхочо Эрлор Гернота аьлла, Оьрсийчохь и барам хIотто сацам тIеоьцучу 2008-чу шарахь пачхьалкхехь цхьа хьал дара, ткъа хIинца иза эшна ду.

Амма бойкотах сацамбан бакъо еккъа ФИФА-н бен яц, бохура Эрлера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG