ТIекхочийла долу линкаш

Мордоверчу Ромодан къоштан кхело сацамбина, Белозерье юьртарчу школин хьехархойн арз луьстуш, школехь бyсулбачарна корта къовлу духарш лелон магош.

Интерфаксе арзхойн адвокато Ашимов Марата дийцира, кхеле хьехархой бовларан бахьана – кхо бутт хьалха школин куьйгалхочо хьехархошна дихкина хилла бусалба кепехь корта а къевлина балха бахка.

ГIура-баттахь школин директоро омра арахецна хилла корталеш техкина хьеха богIучу зударшна таIзардеш.

Шинарийдийнахь хиллачу кхело шен сацамца юхадаьккхина Белозерьерчу школин директоран омра, хаамбина адвокато Ашимовс.

XS
SM
MD
LG