ГIалгIайчуьра 19 шо долу йоI ядийначарна дуьхьал Назранерчу талламан декъо гIаттийна бехктакхаман гIуллакх толлучу юкъанна лаьцна 20 шо долу республикан вахархо аьлла, хаамбина урхаллан прессано.
Хьалхо дийцарца, карарчу беттан 8-чу дийнахь Назранан кIоштарчу Кантышево эвлахь нехан хIусамчу а бахана, нуьцкъаша йоI ядийнера къастазчу тобано.
Охан-беттан 13-чу дийнахь лачкъийна йигина йоI шен дех-ненах дIатоьхна аьлла, хаам баьржира.