ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадца цхьанакхетар хилла Нохчийчоьнан муфтийн


Шеман президентца Асад Башарца Демаьшкехь цхьанакхетар хилла Нохчийчоьнан муфтийн Межиев Салахьан. Шинарийдийнахь Инстаграмерчу шен агIонтIехь бина и хаам Кадыровс.

Цо бахарехь, Асада доккха баркалла аьлла, Регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо гIо-накърсталла лацарна. Иштта догреза тIеэцна Асада, фондо Алеппохь, Демаьшкехь буоберашна хIусамаш ян бина сацам а.

Демаьшкан университет чекхъяьккхинчу Оьрсийчуьрчу студенташна дипломаш дIадаларан хьокъехь а дийцарш дина шина а агIоно.

Иштта цхьабарт хилла Соьлж-ГIалахь Демаьшкерчу университетан филиал Нохчийчохь схьаелла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG