Назранехь хиллачу некъан бохамах протокол хIотточу полисхочунна дуьхьало еш, летта 24 шо долу Аушев Аслан бехкелерина Iедало.
Талламан комитетан хаамашца, дахначу шеран ГIура-баттахь иккхина ю и инцидент. Ша бахьанехь Назранехь хиллачу некъан бохамах ведда вала Iалашонца, кехаташ гайта дуьхьал хилла Аушев.
Цхьана полисхочун бетах корта а тухуш, вукхуьнан коьртах мийра а тухуш, дуьхьало латтийна цо бохуш, дIахьедо талламчаша.
Кхело 3 шо а, 4 бутт а чохь яккха хан тоьхна Аушев Асланна.