ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн байракх сийсазйинчунна бекхам бина


 annexation of the Crimea by Russia in Sevastopol, Crimea, March 18, 2017
annexation of the Crimea by Russia in Sevastopol, Crimea, March 18, 2017

Оьрсийчуьрчу Серпухов гIалин вахархо Садков Николай бехкевина, пачхьалкхан байракх сийсазъярна. Дахначу шеран аьхка ша Iедална резацахилар кхайкхош, Кремлан пенан уллохь ягийна хилла цо байракх. Садковн адвокато Динзе Дмитрийс бина и хаам Маршо Радион корреспонденте.

Садковс ша бахарехь, цуьнан акци Iедало лелочу харц политикана дуьхьал яьккхина хилла. Шо гергга набахтехь яккха хан тоха кхерам бу Садков Николайна.

Иштта иза бехкево «ВКонтакте» социалан машанерчу шен пенатIе экстремизме видеоролик олларна а. Оцу артиклца 5 шо гергга хан йогIу Садковна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG