ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къовсаме даьлла ГIалгIайчохь антисталинан низам


«Коммерсант» газетан хаамашца, ГIалгIайчоьнан прокуратурано тIедожийна меттигерчу парламентна, Сталин Иосиф вазвар, цунна хIолламаш хIиттор доьхкуш тIеэцна низаман проект юкъараяккхар. «Коррупцин фактор» хааелла оцу низамца ГIалгIайчоьнан прокурорна Хазбиев Гириханна.

«Коммерсанте» прокуратуран векало дийцарехь, низам тIеэцар къовсур ду кхелехь. ГIалгIайн депутаташ а, меттигера бакъонашларъярхой а реза бац прокуратуран дIахьедарна, шаьш хьалхатеттина антисталинан низам кхелехь толо Iалашо ю церан.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG