ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу динан Iилманчо Тепсуркаев Хасус «Новая газетан» журналисташ бехкебина, махкахь гомосексуалисташ хьийзош бу Iедало бохуш, хаамаш баржорца.

Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца шен хиллачу цхьанакхетарехь, газетан жураналисташ харцо лелош хилар бакъдеш, Кадыровс цIе яьккхинчех ву Тепсуркаев Хасу. Ткъа журналисташа чIагIдо, шаьш Тепсуркаевн цIе цхьанхьа а хьахийна цахилар.

Карарчу беттан 19-чу дийнахь Путинца къамел деш, "Новая газетано" лелориг провокаци ю аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана.

Тепсуркаев Хасус кхерам тесна "Новая газетан" журналистна Милашина Еленина, ша кхеле хIоттор ю аьлла.

XS
SM
MD
LG