ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ядор доьхкуш ду ГIалгIайчохь


Доьзал кхолла лаамца, зудабер бертаза маре дигначунна таIзар дечу артиклехь хийцамаш беш низаман проект пачхьалкхан Думе хьажийна ГIалгIайчоьнан депутаташа. «ГIалгIайчоь» газетано бина и хаам, меттигерчу парламентан хьосташна тIе а тевжаш.

Ницкъ беш стаг лачкъорна догIу таIзар луьра хила деза аьлла, кхеташонехь вистхилла парламентан спикер Евлоев Зеламха. Депутаташа цхьабоса куьйгаш айдеш, тIеэцна цуьнан инициатива.

Дукха хан йоццуш, Назранехь жимчу стага 19 шо долу йоI, цуьнан гергарчарна гIело а еш, ядийна, маре йигарца доьзна беш бу зуламийн кодексехь хийцамаш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG